Нохчийн меттан лерина к1ира

25.04.2019

         «Ненан мотт Хьайн бацахь, байлахь вуй хаалахь!» ц1е йолчу Нохчийн меттан к1иранан жам1аш.

         25-чу апрелехь Веданарчу №2 йолчу юккъерчу школехь д1адехьира нохчийн меттан де даздар. Хилира ерриг а школан линейка. Х1ора классехь йиллина урокаш а хилира. Оцу мероприятехь дакъалецира юьхьанцарчу а, лакхарчу а классан дешархоша. Дешархоша дика кечам бинера. Дешархоша байташ йийшира, эшарш лекхира, сценкаш х1иттийра. И болх д1абаьхьира хьалххе х1оттийначу планаца. План х1оттийнера 17-25 апреле кхачалц.

         Дешархоша шаьш бина болх йоккхачу говзаллица гайтира.