Этнографически диктант
28.02.20192019 шеран февралан 28-чу дийнахь дешаран хьукматехь д1адаьхьира Мамакаев 1аьрбин дахарх а, кхоллараллех лаьцна «Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана» ц1е йолу региональны этнографически диктант.
И диктант д1адаьхьира Нохчийн матте болу безаш а, цуьнан вайн дахарехь лелар а совдаккхан, Нохчийн Республикин бахархойн ненан маттах долу хаарш алсамдахан йолчу 1алашонца.
Цигахь дакъалецира дешархоша а, къоначу хьехархоша а.
Хаза хетарца а, самукъане а д1адаьхьира диктантана лерина сахьташ.