Нохчийн меттан стихотворенин (поэзин) къовсам.

22.04.2026
Нохчийн меттан стихотворенин (поэзин) къовсам — иза нохчийн мотт, литература, исбаьхьалла тӀехьажар а, къоначу йаздархойн, дешархойн кхолларалла гайтар а Ӏалашо йолуш дӀахьуш йолу талламан-исбаьхьаллин белхаш бу. Карарчу шеран оханан беттан 22-чу дийнахь Веданан к1оштан йуккъерчу 2 ишколехь дIайаьхьира «Нохчийн меттан денна лерина байтийн къовсам». Тайп-тайпана хаза а йолуш, байташ йийцира дакъалацархоша. Къовсам д1абаьхьира хазачу мукъамца. Муьлххачу заманахь адамийн дахар тодеш, къаьмнийн истори а, культура а кхиош, и кхиамаш тIекхуьучу чкъуре дIакхачийта белхаш бинарш йаздархой бу. Ишттачарех вара Айдамиров Абузар а, Абдуллаев Леча а, Мамакаев Мохьмад а, и.д1.кх. Церан дахаран некъ нохчийн мотт а, культура а, литература а толлуш хилла. Цара мехала лар йитина нохчийн меттанIилма талларехь а.