«Нохчийн меттан де».
22.04.2025
📚"Ненан мотт - иза халкъан йуьхь йу, халкъан орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. ХIора нохчи, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт Iамош а, хууш а хила веза. Iамадейша дуьненан дерриге а меттанаш, амма цкъа шайн ненан мотт а Iамабай, оцу маттахь йаздан а, деша а Iамадай...", - Айдамиров Абузаран дешнаш.
Вайна массарна а хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Мехк-Дас шен Указаца 2007-чу шарахь «Нохчийн меттан де»аьлла дIакхайкхийна оханан беттан 25-гlа де.
Карарчу шеран оханан беттан 22-чу дийнахь Веданан к1оштан йуккъерчу 2 ишколехь дIайаьхьира "Нохчийн маттах - нохчийн маттахь" цIе йолу горга стол. 9-чу классан дешархоша дакъа лецира д1айаханчу мероприятехь, хаза кечам а бина.
Муьлххачу заманахь адамийн дахар тодеш, къаьмнийн истори а, культура а кхиош, и кхиамаш тIекхуьучу чкъуре дIакхачийта белхаш бинарш йаздархой бу. Ишттачарех вара Айдамиров Абузар а, Абдуллаев Леча а, Мамакаев Мохьмад а, и.д1.кх. Церан дахаран некъ нохчийн мотт а, культура а, литература а толлуш хилла. Цара мехала лар йитина нохчийн меттанIилма талларехь а.