Нохчийн меттан де».
21.04.2025
«Ладог1а цкъа соьга "хьекъале корта",
Ладог1а йаккхий д1а лергара пот,
Йист йоцу х1орд санна бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт…», - Арсанукаев Шайхин дешнаш.
Вайна массарна а хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Мехк-Дас шен указца 2007-чу шарахь «Нохчийн меттан де» аьлла д1акхайкхина оханан беттан 25-г1а де. Карарчу шеран, 21-чу дийнахь, нохчийн меттан к1ира долош, Арсимиков Мохьмадан Джамиляс д1абахьира 10-чу классашна йуккъехь къовсам. Шайн къоман мотт а, истори а, литература а мехала хилар, йезаш хилар гайтира дешархоша.