Ночхийн меттан денна лерина мероприяти.
25.04.2024
Оханан беттан ткъе пхьоьалг1ачу дийнахь нохчийн меттан хьехархоша д1айаьхьира Ночхийн меттан денна лерина мероприяти.
Вайн Къоман Баьччас,Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана, къаьсттина маьIне лору ненан мотт Iалашбар а, кхиор а. Цуьнан Указаца 2007-чу шарахь йукъадаьккхира Нохчийн меттан де. И де даздеш ду хIора шарахь оханан беттан 25-чу дийнахь.
Мероприятехь дакъа лецира 1-11 классера дешархоша.Цара тайп-тайпана шайн говзаллаш гайтира ненан матте болу безам гойтуш :байташ йуьйцуш,иллеш олуш,хелхарш деш,забаре дийцарш дуьйцуш.Иштта,х1ора классо нохчийн шира кхача а кечбина,шун х1оттийра.