Абатан урок
02.02.2024
Чиллин беттан 2-чу дийнахь 1 классехь д1айаьхьира Абатан урок.
1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: мукъаза зевне аз(Г1) довзийтар, мукъаза элп Г1г1 довзийтар; элп Г1 йукъадог1у дешдакъош, дешнаш деша 1амор;
кхетам - кхиоран: берийн лаам хир бу машарехь къийсам латто, доттаг1алла лело лаам хир бу кхечу къаьмнийн берашца, лерам хир бу вайнехан йоцу культуре.
Урок д1айаьхьира дешархошка тобанашца болх а бойтуш,берашна девзира мукъаза зевне аз Г1 г1. 1емира нийса а,шера а Г1 элп йукъадог1у дешдакъош а,дешнаш а деша.Дешархошна 1емира тобанашкахь болх бан,накъосташка ладог1а,шайна хетарг ала.