Дешаран урок 1-чу классехь.

19.01.2024
Кхолламан беттан берх1итталг1ачу дийнахь 1 -чу классехь д1айаьхьира Дешаран урок. Урокан ц1е: «Цхьогаллий,пхьагаллий» туьйра. 1алашо: нохчийн халкъан барта кхолларалла кхин д1а а йовзийтар, «Цхьогаллий,пхьагаллий» туьйра довзийтар;нийса а, кхеташ а туьйранаш деша 1амор, ойлайар тидам бар кхиор;туьйранашка безам кхоллар. Билгалбаьхна кхиамаш: дешархошна хуур ду халкъан амал д1а а гойтуш ,кхеташ туьйранаш деша, туьйранан хьекъалх кхета.Берашна хуур ду шайн дешнашца туьйранаш схьадийца, туьйранан чулацам талла, цунах пайде шайна дерг ган, зуламе дерг ган, цунах ларвала.