Урок чеченского языка

17.01.2024
Кхолламан беттан вуьрх1итталг1ачу дийнахь нохчийн меттан Йозанан урок хилла 1-чу классехь: Чулацам : «Йозанан элп Кх». 1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш кх , Кх довзийтар. Элпаш кх , Кх дешдакъошкахь а ,дешнашкахь а йаздан 1амор. Кхочушдан лерина жам1аш: 1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш кх , Кх. 1емар ду элпаш кх , Кх нийса а ,хаза а йаздан. 2. Метапредметни: • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто. Оцу планан рог1алла а ларйеш йозанан говзалла карайерзо. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца. Шайн болх йоза дика 1емачу кепара д1абахьа а хуур ду берашна. • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина йа доца жоьпаш дала. Хуур ду шайн накъосташца къамел д1адахьа , воккхачуьнца г1иллакхехь бистхила. • Познавательни: берашна девзар ду шалха элпаш , хуур ду уьш йаздеш шина хьаьрках пайдаэцна хилар. Берийн ойлайар , тидам бар , метан говзалла, орфографически говзалла а кхуьур йу берийн. Ойлайар , тидам бар алсам а бер бу.