Байташ йешаран къовсам "Бекалахь, ненан мотт тахна!"

16.03.2023

          Бекарг беттан йалхитталг1ачу дийнахь Веданарчу №2 йолчу йуккъерчу школехь д1абаьхьира рог1ера байташ йешаран къовсам "Бекалахь, ненан мотт тахна!" 5 - 11 - г1а чу классера дешархоша боккхачу лаамца дакъалецира оцу къовсамехь, гайтира нохчийн метта хазалла, шорто, шайна нохчийн мотт безар.