Неделя чеченского языка!
25.04.201625-чу апрелехь МБОУ «Веднарчу юкъерчу №2» йолчу школехь д1адаьхьира нохчийн меттан де даздар
Дешархоша к1иранах шаьш бина болх йоккхачу говзаллица гайтира:
Йийшира байташ, сценкаш х1иттира, эшарш лийкхира. И болх хьалххе (к1иранна) х1оттийначу планаца кхочуш бира. Пенийн газетийн а, тоьлла сочиненийн а гайтам хилири. Иштта «Нохчийн мотт дика хууш верг» и ц1е йолу къовсам а хилира тобанашна юкъахь (10 а-10б кл). Дешархоша шаьш бинчу балхаца гайтира шайна нохчийн мотт безаш а ,хууш а хилар, иштта вайн литературе шайн болу безам а, лерам а.